Куцдош — даран а, хиларан а билгалонаш а гойтуш, хийцалуш доцу къамелан дакъа ду: Тахана хаза де ду, селхана регӀахь догӀа деара.

МаьӀнашка диллича, куцдешнийн тайпанаш кху кепара ду:1) хенан: сарахь, делкъале.2) меттиган: кхузахь, кхузара.3) бахьанин: шелонна, жималла.4) Ӏалашонан: безамана, закъалтана.5) мухаллин я даран суьртан: чехка, говза.6) масаллин, бараман: дукха, доьазза.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра