Роберто Фирмино

Робе́рто Фирми́но Барбо́за де Оливе́йра (порт. Roberto Firmino Barbosa de Oliveira; 1991 2 октябрь, Масейо, Бразили) — бразилин футболист, «Ливерпуль» клубан а, Бразилин гулйина командин а тӀелета ахтурсло, тӀелатархо.

Футбол
Роберто Фирмино
Фирмино Австрин а, Бразилин а гулйина командийн доттагӀаллин матчехь
Фирмино Австрин а, Бразилин а гулйина командийн доттагӀаллин матчехь
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀеРоберто Фирмино Барбоза де Оливейра
Харц цӀеБобби
Вина терахь1991 шеран 2 октябрь({{padleft:1991|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})[1][2] (32 шо)
Вина меттигМасейо, Бразили
Гражданалла
Локхалла181 см
Йозалла76 кг
ПозицитӀелатархо, атакующий полузащитник
Информаци клубехь
КлубАль-Ахли[d]
Лоьмар9
Кегийрхойн клубаш
2004—2008Бразилин байракх КРБ
2008—2011Бразилин байракх Фигейренсе
Клубан карьера[* 1]
2009—2011Бразилин байракх Фигейренсе38 (7)
2011—2015Германин байракх Хоффенхайм140 (38)
2015—хӀ. а.Ингалсан байракх Ливерпуль160 (56)
СовгӀаташ а, мидалш а
Америкин кедаш
ДешиБразили 2019
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 23 январехь 2020 шераш.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Карьера бӀаьра нисйан

Клубан бӀаьра нисйан

Фирмино ловза волавелла Томбенсе клубехь гӀортолан ахтурслочун позицехь, цигара 2010 шарахь дехьавелира «Фигейренсе» клубе. 2010 шарахь левзира 36 матч, чутуьйхира 8 гол. Шен дика ловзарца тӀе тидам бахийтира «Хоффенхайман».

«Хоффенхайм» бӀаьра нисйан

«Хоффенхайман» йукъахь 2014 шарахь

2011 шеран январехь Фирминос контракт йаздира «Хоффенхаймца» 2015 шо кхаччалц, трансферан мах хилира 4 млн евро[3]. Немцойн клубехь Фирминон дебют хилира 26 февралехь 24-гӀа туран цӀерачу къовсамехь «Майнцан» дуьхьала, иза чекхйаьлира иэшамца 1:2 чот йолуш. Бразилхо аренан тӀе велира 75-гӀа минотехь, Руди Себастьян хийцина[4]. Ткъа шен хьалхара гол цуо туьйхира 30-гӀа турехь «Айнтрахтан» кевнашна чу[5]. И гол оцу къовсамехь цхьаъ бен ца хилира, цундела толам баьккхира. 2010/2011 шарахь Фирмино левзира 11 матчехь, буьрка тохарца кхузза билгала а велира.

2011/2012 шеран йуьхьиг цуьнан чӀогӀа дика нисйелира. 17 сентябрехь 6 туран матчехь дубль йира «Вольфсбурган» кевнашна чу. Иштта, тӀаьхьарчу 3 матчехь 4 гол туьйхира.

«Ливерпуль» бӀаьра нисйан

2015 шеран 24 июнехь кхайкхам бира футболист «Ливерпуль» клубе дехьаваларх. Трансферан мах хилира 29 млн фунт, иза хилира клубан шолгӀа боккха иэцам Кэрролл Эндил тӀаьхьа. 2015 шеран 21 ноябрехь туьйхира хьалхара гол «ливерпулхошна» йукъахь Манчестер Ситин кевнашна. 2016/2017 шарахь левзира 35 матчехь, туьйхира 11 буьрка. Вертонген Янца Ӏоттавелла цуьнан бӀаьрг лазийра.

Къоман командехь бӀаьра нисйан

Бразилин гулйина командин йукъахь дебют хилира 2014 шеран 12 ноябрехь доттагӀаллин матчехь Туркойчоьнан дуьхьала (4:0)[6]. Мехкан коьрта командин йукъахь шен хьалхара гол туьйхира 2014 шеран 18 ноябрехь доттагӀаллин матчехь Австрин гулйина командин дуьхьала ловзуш (2:1)[7]

2019 шеран аьхка Роберто кхайкхина гулйина команде Америкин кедехь ловза, иза Бразилехь хилира. Тобанера кхоалгӀачу матчехь Перун дуьхьала, 18-гӀа минутехь билгалвелира голаца, ткъа Бразилин гулйина команда туьйлира — 5:0. Ахфиналан матчехь Аргентинин дуьхьала 71-гӀа минотехь билгалвелира голца, хӀоттийра чаккхенан чот 2:0.

Статистика бӀаьра нисйан

Клубан статистика бӀаьра нисйан

2020 шарахь 23 январехь хьолан
ЛовзарЛигаКедаш[8]ЕврокедашКхин йерш[9]ЖамӀ
КлубЛигаШоЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолаш
ФигейренсеA сери200920000000??
20103680000154??
Йерриг3880000154??
ХоффенхаймБундеслига2010/11113000000??
2011/12307300000??
2012/13335100022??
2013/143316460000??
2014/15337330000??
Йерриг140381190022??
ЛиверпульПремьер-лига2015/1631105013100??
2016/173511610000??
2017/18371521151100??
2018/1934122011400??
2019/20238206032??
Йерриг16056172451632??
Йерриг карьерехь33810228114516208??

Кхиамаш бӀаьра нисйан

Командин бӀаьра нисйан

«Ливерпуль»


Бразилин къоман команда


Долара бӀаьра нисйан

Билгалдахарш бӀаьра нисйан

  1. Roberto Firmino // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Roberto Firmino Barbosa de Oliveira // As (исп.)Madrid: Grupo Prisa, 1967. — ISSN 1888-6671
  3. Firmino soll Carlos Eduardo vergessen machen (нем.). Киккер. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 11 август. Архивйина 2012 шеран 24 августехь
  4. Spielstatistik 1899 Hoffenheim - 1. FSV Mainz 05 (нем.). fussballdaten.de. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 11 август. Архивйина 2012 шеран 24 августехь
  5. Spielbericht 1899 Hoffenheim - Eintracht Frankfurt (нем.). fussballdaten.de. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 11 август. Архивйина 2012 шеран 24 августехь
  6. Роберто Фирмино: Выйти на поле в майке сборной Бразилии — это настоящий сюрреализм(оьр.)
  7. Austria 1-2 Brazil: Roberto Firmino strikes late winner(ингалс.)
  8. «Кедаш» могӀан йукъахь ду къоман кедашна, лигин кедашна, суперкедашна йукъара ловзарш а, голаш а.
  9. Кхин официалан матчаш

Хьажоргаш бӀаьра нисйан