Аль Акъса маьждиг

Аль Акъса маьждиг (Ӏаьрб. ٱلْمَسْجِد ٱلْأَقْصَىٰ‎) Къудсехь Шира гӀала олучу кӀоштахь маьждиг ду. Маккара аль-Харам маьждиг а, Мадинатер Пайхамаран Маьждиг а санна исламан сийлахь меттиг ю. Маьждиг дина Ардан гунан боххьехь, иштта цунах олу аль-Хьарам аль Къудс аш-Шариф майда.

Маьждиг
Аль Акъса
ٱلْمَسْجِد ٱلْأَقْصَىٰ
Пачхьалкх
ГӀалаКъудс
Координаташ31°46′34″ къ. ш. 35°14′09″ м. д.HGЯO
Архитектурин хатӀИсламан архитектура
ТӀехьара имамМухьаммад Ахьмад Хусейн
СтатусИсламан кхоалгӀа сийлахь меттиг
Чухоам5000 стаг
Нартолийн дукхалла1
Момсаран локхалла37 метр
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Маьждиг чохь цхьана хеннахь 5000 иймандолу стаг чухоьа.

Бусулба наха теша, Аль Акъса лаьтта меттиг Мухьаммад Пайхамар Маккар Къудс-ГӀала буьйсанна кхерсташ вахарца зӀе йолуш ю. Исламан юьхьанцара муьрехь бусулба наха Къудс-гӀала агӀор дора сужда.

Жима ламазан цӀено дара дуьххарлера кхало йолу маьждиган гӀишло . И гӀишло йинера Бакъ йолу Халифатан шолгӀачу халифо Ӏумарс. Ткъа Омейядан халифас Абд Аль Маликас и гӀишло юхаметтахӀотта йира, цул сов, маьждиган майда алсамяьккхира. Цул тӀаьхьа, 750-чу шарахь цуьнан воӀо аль-Валидас белхаш чекхдаьккхира.

746-чу шарахь хилла цу шахьарехь бегийра мохк; маьждиган гӀишло йохийра.

754-чу шарахь гӀишло меттахӀотто аьтто белира ӀаббасгӀеран халиф волу аль-Мансуран.

1033-чу шарахь хилар кхин цхьаъ мохк бегор. И бахьан долуш Аль-Акъсан доккха зен хилар. Ткъа ши шо даьлча Фатимидашан халиф волу Ӏали аз-Захирс керла маьждиг дира. ХӀинцалера маьждиг тера цунах. Къибла агӀор йолу нартол тӀехь йисина мозаика цу хенахь кхоьллина ю.

Исламан халифатан урхалла деш хилла династеш тайп-тайпана белхаш дечу муьрехь йина нартол а, хьалхе (фасад) а, минбар а, мимарш а, чоьхьара кечъяр а.

1099-чу шарахь жӀарахош Къудс-гӀала дӀалецар. Цара маьждиг шайн лаамехь лелира. Маьждигах цӀа а, килс а дира. Амма 1187-чу шарахь Салахадинс маьждиган статус меттахӀотта йира. ТӀаьхьайогӀучу хенахь дукха хийцамаш а, тӀетохарш а дина Эйюбидаш а, мамлюкаш а, османаш а, Лакхара Бусулбанийн Кхеташоно а, Урдан пачхьалкхо а.

Таханлерачу дийнахь Исраил Пачхьалкхан долехь ю Шира-гӀала, амма маьждиган Ӏуналла а деш ю Урданан/ПалестIинан исламан Вакф цӀе йолу организаци.

Керста а, жугтийн а нехан сийлахь меттигшан уллохь ду Аль Акъса маьждиг. Масала, жуьгташ уггаре чӀогӀа лоруш долу ШолгӀа арда ду. Жуьгтийн а, Iарбойн а дов бахьан долуш хIара кIошт кхераме яьлла. Иштта харцонаш лелайо Израилан Урхаллас.

Билгалдахарш бӀаьра нисйан

  1. 1 2 archINFORM (нем.) — 1994.