Шис бин Адам (Ӏаьр. شِيث‎‎) — исламан пайхамар ву, Адаман а, Хьавван а кӀант ву.

Шис
شِيث
ДӀавоьллина меттиг
ДаАдам
НанаХьава
Лоруш волу динашИслам, Керсталла, Иудаизм

Биографи нисйе бӀаьра

Дийцарехь ма-бохху, Шис вина Хьавас, Адаман зудчо, Къабилас шен ваша ХӀабиль вийначул тӀаьхьа. Шен дена Адаман дукхавезарг хилла Шис. Адам веллачул тӀаьхьа, АллахӀ-дала шен пайхамар хаьржинера Шис. Цуьнга даийтина хилла 50 хьарчораш (сухьуф). Шисас шен тӀаьхьенца, гергга эзар йарташ йина хилла.

Шисас дукха меттехь хьехам беш хилла, АллахӀ-делан некъ тӀеберзош а хилла. Адамас а, Шисас а дуьххьара КаӀбат (ХьаьжицӀа) доьттина хилла. Шис-пайхамар дуьненахь ши бӀе сов шарахь ваьхна.