Со́мма[1] (фр. Somme, пикагӀд. Sonme) — Францин къилбаседера эрк. Дохалла — 245 км, бассейнан майда — 5,5 эз. км².

Сомма
фр. Somme
Сурт
Амал
Дохалла245 км
Бассейн6550 км²
ДӀаэхар
Хьост (B) 
 • Координаташ49°54′22″ къ. ш. 3°24′11″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B)Ла-Манш
 • Координаташ50°12′01″ къ. ш. 1°36′13″ м. д.HGЯO
Эрк долу меттиг
Пачхьалкх
РегионО-де-Франс
Сомма (эрк) (Франци)
— хьост, — хикхоче
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Эркан хьост ду Фонсом гӀалан (Эна департамент) гергахь, дукхах дерг доьду малхбузехьа, кхета Ла-Манш хидоькъех, эстуари а еш (Сомман бухта). Эркан хи алсама догӀан хи ду; хи дайаран юккъера барам хикхочен гергахь 45 м³/сек. Хин охьадахар шеран дохаллехь кӀезиг хийцало. Дерриг дохаллехь аьлча санна эрк чухула кеманаш лелало. Харш лакхахь а, лахахь а нисдеш ду цхьа могӀа татолашца а, шлюзашца а (Сомман татол даьккхина 1770 -1843 шш.). Эрк татолашца уьйр йолуш ду Уазаца а, Шельдаца а.

Сомман тӀехь лаьтта гӀаланаш:

Хьалхара дуьненан тӀом болуш Соммин тӀаьхь Амьенан малхбалехьа Антантан эскарша 1916 шарахь йира йоккха тӀелатаран операци. Сентябрехь ингалсхоша исторехь дуьххьара лелийра тӀамехь танкаш. 1918 шеран 21 апрелехь эрк уллехь кхелхира хьалхара дуьненан тӀеман пилот-ас, вевзаш волу ЦӀиен Барон.

Эрках цӀе тиллина Сомма департаментан.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Сомма // Словарь географических названий зарубежных стран / отв. ред. А. М. Комков. — 3-е изд., перераб. и доп. — М. : Недра, 1986. — С. 343.