Бадрун гӀазот

(Бадруна гӀазот тӀера хьажжина кхуза)

Бадруна гӀазот (Ӏаьр. غزوة بدر‎‎) Мухьаммад пайхамаран хьалхара гӀулч а, дуьххьарлера кечам а бара ду. Исламехь хьалхара боккха тӀом а бара иза. ХӀиджрат динчул тӀаьхьа, шолгӀачу шарахь хилла иза. Оцу тӀамехь бусалбанаша толам баьккхира. Цара къурайшин лакхара куьйгалхой а байира. ХӀиджрат динчул тӀаьхьа шолагӀчу шарахь хиллаиза.Элчанна-ӀалайхӀис-салaм, хиъна Къурайшаша механа Шема яхийта йоккха къепал (ковра — караван) кечйина хилар, 50 эзар дийнар мах болуш. Шен асхьабех дагаваьлла иза оцу къепалнадуьхьалвалар а, хӀонсана иза схьаяккхар а шена лаьий хоуьйтуш, ша а, шен асхьабаша а Макккахьдитинчу даьхнийн а, парталан а метта, цунна дуьхьал.Асхьабаш реза хилла тӀетайна АллахӀан Элчанна-ӀалайхӀис-салaм, хетачу а, гучу а ойланна. Элчаараваьлла шеца 314 асхьабех муджахӀид а, 70 эмкал а, 2 говр а йолуш.Элчанна-ӀалайхӀис-салaм, хиъна ковра кӀелхьара йаьлла, шаьш тӀекхуьар доцуш Шема дӀаяханахилар. ТӀаккха иза Мадuната вуха веъна, кхин цкъа а къпална иза йухайогӀуш дуьхьалвала Ӏалашойолуш.Абу-Супян Хьарбан воI Къурайшин оцу коврана куьйгалхо хилла. Иза тидамалла а, даим ларвалар а, сомалла а долуш стаг ву. Цунна хууш хилла Мухьаммад шена тӀаьхьаваьлла вуй а, иза шенадуьхьал вала гӀерташ вуй а.Ковра ялош Абу-Супян вухавирзира чӀогӀа кхоьруш а, ларлуш а волуш. И ковра ларъян 40 стаг бенкарахь ца хилла цуьна.Дукха кхерарна Абу-Супяна тӀе мел кхаьчначу эмкалашкахь богӀучу берешка хетта дезаш хиллаМухьаммада хабараш. Аьххир а, цхьа стаг карийна цунна, Джузaм тайпанаха. Цо цунна хаийтинаМухьаммад цуьна коврана дуьхьалверволуш хилар. ТӀаккха Абу-Супяна кхерам совбаьлла. Маккастаг хьажийна цо Мухьаммад цера коврана дуьхьал ваьлла хилар царна хоуьйтуш. И стаг Макка акхаьчна Къурайшашка мохь бетта волавелла: ХӀай Къурайши нах!! Шун даьхнешна а, шун йохкар-эцарна а Мухьммад дуьхьал ваьлла шуна. Уьш кӀелхьара яха.. уьш кӀелхьара яха.Къурайши гӀевттира шайн даьхнеш а, йохка-эцар а бахьана долуш. Уьш кӀелхьара яха арабевлирауьш, шайца 900 герзаца кечвина стаг а, 100 говр а, 700 эмкал а йолуш.Абу-Супянна хиира Къурайши шайн къепал хьалха яккха арабовлар. Ткъа хӀара ша кхерамечу муьрахчекхваьллера, цундела цо уьш болче стаг хьажийра: «Баккъалла а, вай делой бина лелочу цIунаша шун ковра хьалха йаьккхина, цундела, духадерза, шу хӀинца оьшуш дац»- аьлла. ТӀаккха Абу-ДжахIла аьлла: "ХӀан-хӀа, валлахӀи, духадоьрзур ма дац вай Бадруне кхаччалц, цигахь кхоъбуьйса йоккхур ма йу вай дууш, малар (чагӀар) муьлуш, ватанаш етташ, зударашца хелха дуьлуш".Элча-ӀалайхӀис-салaм, цхьa хӀума хууш ца хилла къепалан а, Абу-ДжахIлан а балхах. Деккъацунна хууш дерг Къурайши кечбелла хилар ду ковра хьалха яккха.ЦӀеххьана, дагахь доцчу кепара хиллачу хӀокху хийцамана хьокъехь Элча-ӀалайхӀис-салaм,дагавийла волавелира, кхин цкъа а шен асхьабех, Къурайшашца тӀом баран хьокъехь.Цхьана тобано элира: ХӀай АллaхӀан Элча, вай тӀом бан арадевлла ма дац. Вукхара элира: ХӀайАллахӀан элча, вайгахь герз ма дац. Хьала гӀеттина Аль-Микъдада Ӏамруна воӀа элира: ХӀайАллахӀан элча: АллахӀа хьайна гайтинчунна тӀехь дӀагӀо хьо, тхо хьоьца ду хьуна. ТӀаккха цулсовнаха, валлaхӀи, хьо тхо эцна Баркуль-ГӀимaд олучу метте дӀа волалахь а (Генарчу Йаманехьметтиг йу иза) тхо хьоьца дӀа ма догӀу хьуна. Аль-Микъдада къамелах Элча-ӀалайхӀис-салaм,самукъадаьлла дӀахӀоьттира, диканца цунна доӀа дира цо.И къамел динарш мухӀаджирийнех бара (Маккара хӀиджрат дина баьхкиначеха). Ансaрех дергаьлча, царах цхьa вистхилаза вара. Цундела, Элчано-ӀалайхӀис-салaм, элира: «ХӀай нaх, хьехасуна». (дан дезарг, шайна хетарг ала). Цунаха цунна луушберш ансaраш (Мадuнатара уьш тӀебиссина бусулба вежарий) бара. Церан дог-ойла хааран дуьхьа а, цуьнца арабевллачу асхьабехдукхах берш уьш хиларна а. ТӀаккха МуIaзан воӀа СаIда-АллaхI реза хуьлда цунна-Элира: «ХӀайАллахӀан Элча, тхо ду моьтта суна хьан дагахь дерш? Ду-элира цо. ТӀаккха СаIдас элира: ХӀайАллахӀан Элча, хьоьх тешна тхо, хьо бакъвина оха, ахьа деънарг бакъдерг хилар тешалла динаоха, оцу тӀедоьгӀна хьуна чӀагӀонаш йелла оха хьоьга ладогӀа а, хьуна муьтӀахь хила а. ХӀайАллaхӀан Элча, хьо кхоьруш хила тарло ансaрашна хетар шайна тӀехь хьан гӀодар дац шайнкерташкахь бен. (Иза иштта дац хьуна данне а). Со ансарех олуш ву, царах жоп луш ву хьуна.Хьайга омра динарг де ахь, хӀай АллaхӀан Элча, тхо хьоьца ду хьуна. Хьо бакъонца ваийтанчухаса дуйбуу хьуна, ахьа тхо хӀокху хӀорда тӀе а далийна, хьо цунна чуваьлча, хьоьца цу чудеврма ду тхо. Тхоьх цхьа стаг цу чу цаволуш вуьсур вац хьуна. Кхана тхоьца тхан мостагӀчунна хьодуьхьал хӀоттар тхо цадезаш дац. Тхо тӀамехь собаре а, мостагӀчунна дуьхьал хӀиттича тешамеа ма ду хьуна. АллaхӀа гайта мега хьуна тхоьгара хьан самукъа даьндерг а, хьо воккхавен верга, хьо реза хинверг а. Тхо дӀадига ахьа АллaхӀан дуьхьа».Элча-ӀалайхӀис-салaм, воккхавийра СаIда аьлчуха, цуьна къамелах самукъаделира. Цо элира: "ДIадуьйлало, кхаъ бу шуна, АллaхӀа, баккъалла а, ваIда йина суна (дош делла суна) шиннахцхьаъ хир ду аьлла: къепал йа адамаш (и бохург: толам, йа Къурайши даьхни карадaр) ".Элчано-ӀалайхӀис-салaм, Абу-ТӀалиба воI Ӏалий вахийтира, цунах масех бусулба а тоьхна Бадролучу метте, къепалан хабар хааран Ӏалашонца. Царна цигахь шиъ кӀант карийра хи дан веъана. Ишиъ схьа а лаьцна уьш бухабахара АллaхӀан Элча-ӀалайхӀис-салaм, волче. ТӀаккха элчанохаьттира цаьршинга Къурайшин хабарх лаьцна. Цаьршимма элира цуьнга: Уьш хӀокху акъарийна (гу) тӀийхьа бу. Элча-ӀалайхӀис-салaм, цаьрга хетта велира, цаьрца къамел дира цо шена уьш мелбу хаъалц. Шен асхьабашка элира цо: уьш 900 а, 1000 а юкъахь бу.Бусулбанаш 314 вара шайгахь тоъал герз доцуш. Цул совнаха хинна тӀекхача генахь бара уьш.Амма АллaхӀа хӀара кхерам дӀабаьккхира цараха, марха а яийтина дуккха догӀа дохьуш. Цунах чIогӀа самукъа делира цера, цунах мала а мелла, шайна кхачо ялла схьаийцира цара.Цул тӀаьхьа МуIaзан кӀанта СаIдас АллaхӀан элчанна-ӀалайхӀис-салaм, хьехар дира хурманадиттан гаьннех рагӀу кӀелох тера цхьа гӀишло е аьлла, цигара боьдучу тӀеман куьйгалла дан.Элчано-ӀалайхӀис-салaм, иза къобал дира. Лекхачу, тӀеман майданна тӀебирзина болчу гу тӀехьрагӀу хӀоттийра.Элча-ӀалайхӀис-салaм, волавелира могӀанаш низамехь дӀахӀитто а, шен асхьaбаш кечбан а. Цоцаьрга весет дира (буьйр, омра) шаьш долчу меттигашкара меттах цадовлар, собаре хилардагадаийтир цо царна.ТӀом болабалар Элчано-ӀалайхӀис-салaм, дӀакхайкхийра шен дашца: «Мухьаммадан са Шен карахьдолчух дуй буу аса, тахана цхьана стага цаьрца тӀом бийр ма бац, собаре а, Делера йолесатуьйсуш а, тӀевирзина а волуш, букътоьхна а воцуш цо ша вейтахь, АллaхӀа иза ялсаманавохуьйтуш бен».ХӀара тешам луш долу, бакъ дешнаш бусулбанаш меттах баха а, иркара хӀотто а чӀогӀа бахьанахилира. Ялсамане яккха аьтто ма карийна царна шайна хьалха. Аль-Хьамaм воӀана Ӏумайранахезира хӀара кхаъ. КӀеззиг хурманаш карахь, уьш юуш вара иза, тӀаккха уьш шен карараохьатийсира цо. ТӀамна чехка дӀа хьаьдира иза, АллaхӀан дина новкъахь гӀазотехь дӀакхалхарлоьхуш, хӀара байташ йоьшуш:АллахӀана тӀехьада, (тӀегӀо) кхача а боцуш,Цунах кхерар а, эхарта Ӏамал а йоцург,АллaхӀан дуьхьа джихӀадехь собар а доцург,Массо кхача чекхбер болуш бу,Цунах кхерар, дика, нисвалар доцург.Керстанин могӀаршна юкъавахара иза цаьрца тӀом а беш, царах байъа а бойъуш. ХӀокху тӀамехьмайра, къар ца луш дуьхьал лаьттира иза АллaхӀа шен дина новкъахь гӀазотехь валаран лаамкхочуш баллац, ялсамане яккхаран дуьхьа.Ткъа хӀара Рабaхьан воI Билaл ву. Иза тӀеман лаьттахь (майданахь) йуьхьдуьхьал дӀахӀуттуИсламан уггар воккхачу мостагӀчунна а, керстанан, питанийн коьртана а Халаф кӀантанаУмаййатана хьалха. Билaл цуьна лай хилла лаьттина ву цхьана хенахь. ХӀокху гаур-керстаноаравоккхуш ихилла иза делкъ хенахь. Цуьна накхан тӀе боккха, онда тӀулг буьллий олуш хилла цо

Бадруна гӀазот
ЖамӀМухьаммадан толам
МостагӀий

Къурайшаш

Мадинат

БӀаьччаш

Абу ДжаьхӀль

Мухаммад

Массон ницкъаш

1000 тӀемалой

313 тӀемалой

Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
"ХӀара хьал латтар ду хьоьгахь хьо валлац, йа Мухьаммад ахь харцваллац а, Аллaт а, Аль-Ӏуззa

а бохучу тхан делашна ахь лолла а даллац.Ткъа ийманах, собарха вуьзна волчу Билaла АллaхӀах цатешар духтухуш хилла, Ӏазап а, шен букъакӀел йолу чӀогӀа йовха гӀамаран вагавар а, шен некхан тӀехь болчу боккхачу тӀулган базалла а, цалабалар а хорже. Цо олуш хилла Ӏазапан лазарша хьийзош волуш: ахьад, ахьад (цхьаъ ву,цхьаъ ву).ХӀан, хӀинца хӀара шен хьалхалерчу элана тӀекхочу замано гобаьккхинчул тӀаьхьа (замахьаьвзинчул тӀаьхьа). Цо цуьнга олу: «Тахана чӀир оьцу де ду».Умаййат вада гӀоьрта, амма Билaла цунна вaла меттиг цабуьту. Шен туьрца цунна тӀекхоссалойиза вуьй цо, Ислам дин цуьна вонах хьалха а доккху цо, шен хьалхалера, шира Ӏазап, бaлахьегар хьогалла а йойъу цо.ТӀом чӀагӀбала болало. Чено йоллу меттиг юзу (дӀалоцу). Элчанна-ӀалайхӀис-салaм,мушрикийнин дукхалла а, бусулбанин кӀеззигалла а гина стигала шен куьгаш хьалаайира цо, шенделе хӀокху дешнашца доӀа деш: «ХӀай АллaхI, соьга хьайн жайна доссийна-кх ахьа, тӀом беаьлла соьга омра дина-кх ахьа, шиннах цхьа тоба хир йу аьлла дош делла-кх ахьа суна, хьо хьайндош дохош вац. ХӀай АллaхI, хӀорш Къурайши бу-кх тхуна тӀебирзина шайн кураллийца,дозаллийца, хьоьца мостагӀалла долуш, хьан элча бакъцавеш. Ахьа лур ду аьлла дош деллачухьайн гӀонах мадахалахь тхо».АллaхӀа шен элчана доӀийна жоп ло, цундела стиглара шен малийкаш дохкуьту цо, тӀеман лаьттадиссийта, муъманийн дегнаш чӀагӀда, цера синош, дегнаш иракара хӀоттор дуьхьа. Бусулбанашбакхий бейта стигалара гӀо дарха, тӀаккха цера дегнашна тем хилийта, цера ийман совдалийта,АллaхI цаьрца хиларна, шен малийкашца церан гӀо деш.Керстанийн дегнаш чу АллaхӀа кхерам тесира, бусулбанаш цаьрца тӀом бан буьйлабелира, церанкортош эгош майралла а, турпалалла а гойтуш.ТӀеман лаьттахь МасIỳдан воI ӀабдуллaхI- гӀийла, заьӀап стаг ву иза, ийман чӀогӀа ду цуьна-цхьанакхета Абу-ЖахIлаца, Маккахь питанан а, зуламан а баьчча волчу. Цуьна когах тухе изаохьавожаво цо, цуьна лога тӀе шен ког буьлий цуьнга олу цо: «ХӀай АллaхӀан мостагӀ, АллaхӀасий дайъина хьан хӀинца?» (йуьхьӀаьржа хӀоттин хьо?).ТӀаккха Абу-ЖахIла аьлла: "Шен къомо (тайпано) вийна стаг бен вуй со? Алахь соьга, таханатолам хьена бу? "..ТӀаккха МасIỳдан воӀа ӀабдуллaхӀа аьлла: «АллaхӀан а, цуьна элчанан а бу-кх». Цул тӀаьхьа шентур тoьхна иза вийна цо.Бусулбанаш буьйлабелира керстанаш байъа а, уьш йийсаре леца а, АллaхӀан Элчано шайга олушхезначул тӀаьхьа: «Йийсархо лаьцнарг, иза цуьна ву шуна».ТӀом чекхбелира керстанашна хӀаллаквен эшам хуьлуш, ийман долу, жима тоба туьйлира зуламечу,йоккхачу тобанал. ХӀара толам бахьанехь бакъо туьйлира харцонна тӀехь.ХӀокху тӀамехь керстанашха 70 вийра, царах 70 йийсаре лецира, бусулбанашха 14 стаг шахӀидхилира.Бусулбанаш Бадрунехь кха дийнахь Ӏийра, цул тӀаьхьа уьш Мадuната бухабаьхкира, АллaхӀа шайнабеллачу толамах баккхийбуьш болуш.